quranm◉

ГӀуллакх 202

Range
from 9:94 to 9:99
Surahs covered
Терҗаман
6 Терҗаман

◉

9:94

يَعۡتَذِرُونَ إِلَيۡكُمۡ إِذَا رَجَعۡتُمۡ إِلَيۡهِمۡۚ قُل لَّا تَعۡتَذِرُواْ لَن نُّؤۡمِنَ لَكُمۡ قَدۡ نَبَّأَنَا ٱللَّهُ مِنۡ أَخۡبَارِكُمۡۚ وَسَيَرَى ٱللَّهُ عَمَلَكُمۡ وَرَسُولُهُۥ ثُمَّ تُرَدُّونَ إِلَىٰ عَٰلِمِ ٱلۡغَيۡبِ وَٱلشَّهَٰدَةِ فَيُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمۡ تَعۡمَلُونَ ﴿94﴾

Шуьга бехказлонаш йо цара, шу царна тIе юхадирзича. Ахь āла: "Бехказлонаш ма е! Тешшане а шух тешар дац тхо. Дала дийцина тхуна шун хабарех. Гур ю Далла а‚ Цуьнан элчанна а шун Iамал‚ тIаккха шу д1адерзор ду хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волчунна (Дала) тIе – Цо дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг".

9:95

سَيَحۡلِفُونَ بِٱللَّهِ لَكُمۡ إِذَا ٱنقَلَبۡتُمۡ إِلَيۡهِمۡ لِتُعۡرِضُواْ عَنۡهُمۡۖ فَأَعۡرِضُواْ عَنۡهُمۡۖ إِنَّهُمۡ رِجۡسٞۖ وَمَأۡوَىٰهُمۡ جَهَنَّمُ جَزَآءَۢ بِمَا كَانُواْ يَكۡسِبُونَ ﴿95﴾

Шуна Делаца дуйнаш буур бу цара, шу царна тIедирзича, шу шайх д1адерзорхьама. Д1адерза царах! Баккъалла а, уьш рижсю‚ церан чугIойла жоьжахати ю – бекхам а хилла царна карадеш хиллачунна (дуьхьал).

9:96

يَحۡلِفُونَ لَكُمۡ لِتَرۡضَوۡاْ عَنۡهُمۡۖ فَإِن تَرۡضَوۡاْ عَنۡهُمۡ فَإِنَّ ٱللَّهَ لَا يَرۡضَىٰ عَنِ ٱلۡقَوۡمِ ٱلۡفَٰسِقِينَ ﴿96﴾

Дуйнаш буу шуна шу шайна реза хилийтархьама. Шу царна реза хилахь а, – Дела реза хир вац фасикъ къомана.

9:97

ٱلۡأَعۡرَابُ أَشَدُّ كُفۡرٗا وَنِفَاقٗا وَأَجۡدَرُ أَلَّا يَعۡلَمُواْ حُدُودَ مَآ أَنزَلَ ٱللَّهُ عَلَىٰ رَسُولِهِۦۗ وَٱللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٞ ﴿97﴾

Д1асакхелхаш лела Iаьрбий керстаналлица а‚ мунепикъаллица а мелхо а чIогIа бу (кхечарал)‚ Дала Шен элчане доссийна дозанаш цахаарехь а сов бу. Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.

9:98

وَمِنَ ٱلۡأَعۡرَابِ مَن يَتَّخِذُ مَا يُنفِقُ مَغۡرَمٗا وَيَتَرَبَّصُ بِكُمُ ٱلدَّوَآئِرَۚ عَلَيۡهِمۡ دَآئِرَةُ ٱلسَّوۡءِۗ وَٱللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٞ ﴿98﴾

Д1асакхелхаш лелачу Iаьрбех бу шаьш сагIина луш дерг гIуда лоруш берш‚ шуна бāланаш хиларе хьоьжуш берш. Царна бу-кх вочун бāла. Дела хезаш верг а, хууш верг а ву.

9:99

وَمِنَ ٱلۡأَعۡرَابِ مَن يُؤۡمِنُ بِٱللَّهِ وَٱلۡيَوۡمِ ٱلۡأٓخِرِ وَيَتَّخِذُ مَا يُنفِقُ قُرُبَٰتٍ عِندَ ٱللَّهِ وَصَلَوَٰتِ ٱلرَّسُولِۚ أَلَآ إِنَّهَا قُرۡبَةٞ لَّهُمۡۚ سَيُدۡخِلُهُمُ ٱللَّهُ فِي رَحۡمَتِهِۦٓۚ إِنَّ ٱللَّهَ غَفُورٞ رَّحِيمٞ ﴿99﴾

Д1асакхелхаш лелачу Iаьрбех бу шаьш Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешаш берш а, шаьш луш долу сагIа Далла гергахь гIурба а‚ элчанна /шайна/ доIа дан /некъ/ лоруш берш а. Царна гIурба дац ткъа и?! Дала Шен къинхетамна чубухкур бу уьш. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву.