quranm◉

Сура Al-Qadr القدر

#
97
↓
M
Аят
5
Терҗаман
Magomed Magomedov

◉

بِسۡمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحۡمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ

97:1

إِنَّآ أَنزَلۡنَٰهُ فِي لَيۡلَةِ ٱلۡقَدۡرِ ﴿١﴾

Оха доссийна иза /Къуръан Лавхь махьфуз чуьра дуьненан стигла/ "Лайлат-уль-къадр" олучу буса.

97:2

وَمَآ أَدۡرَىٰكَ مَا لَيۡلَةُ ٱلۡقَدۡرِ ﴿٢﴾

Хьоьга стено хаийтина /хIай Мухьаммад/‚ и хIун буьйса ю Лайлат-уль-къадр?

97:3

لَيۡلَةُ ٱلۡقَدۡرِ خَيۡرٞ مِّنۡ أَلۡفِ شَهۡرٖ ﴿٣﴾

Лайлат-уль-къадр буьйса дика ю эзар баттал.

97:4

تَنَزَّلُ ٱلۡمَلَـٰٓئِكَةُ وَٱلرُّوحُ فِيهَا بِإِذۡنِ رَبِّهِم مِّن كُلِّ أَمۡرٖ ﴿٤﴾

Охьадуьссу маликаш а‚ Са а (Джабраил малик) цу чохь шаьш Кхиош-кхобучун пурбанца массо а гIуллакх эцна.

97:5

سَلَٰمٌ هِيَ حَتَّىٰ مَطۡلَعِ ٱلۡفَجۡرِ ﴿٥﴾

Салам-маршалла!.. Иза /хезар/ ду сатассалц.