quranm◉

ГӀуллакх 192

Range
from 9:32 to 9:36
Surahs covered
Терҗаман
5 Терҗаман

◉

9:32

يُرِيدُونَ أَن يُطۡفِـُٔواْ نُورَ ٱللَّهِ بِأَفۡوَٰهِهِمۡ وَيَأۡبَى ٱللَّهُ إِلَّآ أَن يُتِمَّ نُورَهُۥ وَلَوۡ كَرِهَ ٱلۡكَٰفِرُونَ ﴿32﴾

Уьш лууш бу Делан нур дайа шайн баганашца‚ Дела лууш вац Шен нур кхочуш хилийтар бен‚ /мел и/ керстанашна ца дезахь а.

9:33

هُوَ ٱلَّذِيٓ أَرۡسَلَ رَسُولَهُۥ بِٱلۡهُدَىٰ وَدِينِ ٱلۡحَقِّ لِيُظۡهِرَهُۥ عَلَى ٱلدِّينِ كُلِّهِۦ وَلَوۡ كَرِهَ ٱلۡمُشۡرِكُونَ ﴿33﴾

И ву ваийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъонан динца а, и массо динна тIехь толийтархьама, /мел и/ мушрикашна ца дезахь а.

9:34

يَـٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓاْ إِنَّ كَثِيرٗا مِّنَ ٱلۡأَحۡبَارِ وَٱلرُّهۡبَانِ لَيَأۡكُلُونَ أَمۡوَٰلَ ٱلنَّاسِ بِٱلۡبَٰطِلِ وَيَصُدُّونَ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِۗ وَٱلَّذِينَ يَكۡنِزُونَ ٱلذَّهَبَ وَٱلۡفِضَّةَ وَلَا يُنفِقُونَهَا فِي سَبِيلِ ٱللَّهِ فَبَشِّرۡهُم بِعَذَابٍ أَلِيمٖ ﴿34﴾

ХIай ийман диллинарш! Баккъалла а, ахьбарех а‚ рух1банех а дукхаберш харцонца нехан даьхни дууш бу хьуна‚ Делан некъах (шайна тIаьхьахIуьтту нах) дIатоьттуш а бу. Деший а‚ детий а гулдеш болчаьрга‚ Делан новкъахь цуьнца харж ца еш – царна ахь кхаъ баккхалахь шайна лазош долу Iазап хирг хиларца.

9:35

يَوۡمَ يُحۡمَىٰ عَلَيۡهَا فِي نَارِ جَهَنَّمَ فَتُكۡوَىٰ بِهَا جِبَاهُهُمۡ وَجُنُوبُهُمۡ وَظُهُورُهُمۡۖ هَٰذَا مَا كَنَزۡتُمۡ لِأَنفُسِكُمۡ فَذُوقُواْ مَا كُنتُمۡ تَكۡنِزُونَ ﴿35﴾

Цхьана дийнахь (къематдийнахь) жоьжахатин цIергахь лалор ду и (цара дуьненахь гулдина хилла долу деши а, дети а)‚ т1аккха цуьнца х1ост дийрду церан хьаьжашна а‚ церан агIонашна а‚ церан баккъашна а: "ХIара ду аш шайна гулдинарг‚ Iовша шаьш гулдеш хилларг"‚−(олуш маликаша).

9:36

إِنَّ عِدَّةَ ٱلشُّهُورِ عِندَ ٱللَّهِ ٱثۡنَا عَشَرَ شَهۡرٗا فِي كِتَٰبِ ٱللَّهِ يَوۡمَ خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضَ مِنۡهَآ أَرۡبَعَةٌ حُرُمٞۚ ذَٰلِكَ ٱلدِّينُ ٱلۡقَيِّمُۚ فَلَا تَظۡلِمُواْ فِيهِنَّ أَنفُسَكُمۡۚ وَقَٰتِلُواْ ٱلۡمُشۡرِكِينَ كَآفَّةٗ كَمَا يُقَٰتِلُونَكُمۡ كَآفَّةٗۚ وَٱعۡلَمُوٓاْ أَنَّ ٱللَّهَ مَعَ ٱلۡمُتَّقِينَ ﴿36﴾

Баккъалла а, беттанийн дукхалла Далла гергахь – шийтта бутт бу /шарна чохь/ Делан Жайни чохь язбина Цо стигланаш а‚ латта а кхоьллинчу дийнахь‚ царах биъ беза бу (зуль-къаIада‚ зуль-хьиджа‚ мухьаррам‚ раджаб). И ду бакъ долу дин. Цу чохьшайна зулам ма де. ТIом бе массо мушрикашца цара шуьца массаьрца а тIом баре терра‚ шуна хаалаш, и Дела (Шех кхоьручаьрца) вуйла.