quranm◉

Сура Az-Zalzalah الزلزلة

#
99
↓
D
Аят
8
Терҗаман
Magomed Magomedov

◉

بِسۡمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحۡمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ

99:1

إِذَا زُلۡزِلَتِ ٱلۡأَرۡضُ زِلۡزَالَهَا ﴿١﴾

Латта ластича, ласторца /къематдийнахь/‚

99:2

وَأَخۡرَجَتِ ٱلۡأَرۡضُ أَثۡقَالَهَا ﴿٢﴾

Латто /шена тIера/ йозаллаш (шена тIехь мел йолу хIума − адам а‚ бежна а‚ дитт а…) аракхоьссича‚

99:3

وَقَالَ ٱلۡإِنسَٰنُ مَا لَهَا ﴿٣﴾

Адамо элира: "Цунна хIун хилла?"

99:4

يَوۡمَئِذٖ تُحَدِّثُ أَخۡبَارَهَا ﴿٤﴾

Оцу дийнахь цо шен хабар дуьйцур ма ду,

99:5

بِأَنَّ رَبَّكَ أَوۡحَىٰ لَهَا ﴿٥﴾

Хьан Кхиош-кхобучо шена хьехна ма-дду.

99:6

يَوۡمَئِذٖ يَصۡدُرُ ٱلنَّاسُ أَشۡتَاتٗا لِّيُرَوۡاْ أَعۡمَٰلَهُمۡ ﴿٦﴾

Оцу дийнахь нах тобанашца дIаоьхур ма бу шайн Iамалш шайга д1агайта.

99:7

فَمَن يَعۡمَلۡ مِثۡقَالَ ذَرَّةٍ خَيۡرٗا يَرَهُۥ ﴿٧﴾

Мискъалан зарраталдиканиг диначунна − иза гур ма ду.

99:8

وَمَن يَعۡمَلۡ مِثۡقَالَ ذَرَّةٖ شَرّٗا يَرَهُۥ ﴿٨﴾

Мискъалан зарратал вониг диначунна − иза а гур ма ду.