quranm◉

ГӀуллакх 603

Range
from 109:1 to 111:5
Surahs covered
Терҗаман
14 Терҗаман

◉

109:1

قُلۡ يَـٰٓأَيُّهَا ٱلۡكَٰفِرُونَ ﴿1﴾

Ахь āла /хIай Мухьаммад цу керстанашка/: «Х1ай керстанаш!

109:2

لَآ أَعۡبُدُ مَا تَعۡبُدُونَ ﴿2﴾

Ас Iибадат ца до аш Iибадат дечунна.

109:3

وَلَآ أَنتُمۡ عَٰبِدُونَ مَآ أَعۡبُدُ ﴿3﴾

Шу а дац Iибадат деш ас Iибадат дечунна.

109:4

وَلَآ أَنَا۠ عَابِدٞ مَّا عَبَدتُّمۡ ﴿4﴾

Со а вац (цкъа а) Iибадат дийр долуш аш Iибадат динчунна.

109:5

وَلَآ أَنتُمۡ عَٰبِدُونَ مَآ أَعۡبُدُ ﴿5﴾

Шу а дац Iибадат дийр долуш ас Iибадат дечунна.

109:6

لَكُمۡ دِينُكُمۡ وَلِيَ دِينِ ﴿6﴾

Шуна шайн дин ду‚ суна сан дин ду".

110:1

إِذَا جَآءَ نَصۡرُ ٱللَّهِ وَٱلۡفَتۡحُ ﴿1﴾

Делера гIо а деъча‚ /Макка йоккхуш/ толам а беъча‚

110:2

وَرَأَيۡتَ ٱلنَّاسَ يَدۡخُلُونَ فِي دِينِ ٱللَّهِ أَفۡوَاجٗا ﴿2﴾

Хьуна гира нах, Делан дин чу буьйлуш тобанашца.

110:3

فَسَبِّحۡ بِحَمۡدِ رَبِّكَ وَٱسۡتَغۡفِرۡهُۚ إِنَّهُۥ كَانَ تَوَّابَۢا ﴿3﴾

Тасбахь де хьан Кхиош-кхобучунна хастамбарца‚ Цуьнга гечдар деха. Баккъалла а, Иза хилла т1етт1а тōба къобалдийриг.

111:1

تَبَّتۡ يَدَآ أَبِي لَهَبٖ وَتَبَّ ﴿1﴾

ХIаллакхили Āлун денший куьг и ша а хIаллакхили.

111:2

مَآ أَغۡنَىٰ عَنۡهُ مَالُهُۥ وَمَا كَسَبَ ﴿2﴾

КIелхьар ца ваьккхи иза цуьнан хьоло а‚ цо карадинчо а.

111:3

سَيَصۡلَىٰ نَارٗا ذَاتَ لَهَبٖ ﴿3﴾

Вегар ву иза āлу йолчу цIаргахь‚

111:4

وَٱمۡرَأَتُهُۥ حَمَّالَةَ ٱلۡحَطَبِ ﴿4﴾

Цуьнан зудаа /егар ю цIаргахь/ − дечиг кхоьхьург.

111:5

فِي جِيدِهَا حَبۡلٞ مِّن مَّسَدِۭ ﴿5﴾

Цуьнан лага тIехь /хир/ бу хурманан диттан хьесан муш.