قُلۡ هُوَ ٱللَّهُ أَحَدٌ ﴿1﴾قُلۡ هُوَ ٱللَّهُ أَحَدٌ
Ахь āла /хIай Мухьаммад‚ цу хьайга Делах лаьцна хоьттучаьрга/: "Иза, АллахI, цхьаъ ву /Шен накъост хиларх, да-нана хиларх, зуда‚ доьзалхо хиларх ц1ени а волуш/,
قُلۡ هُوَ ٱللَّهُ أَحَدٌ ﴿1﴾قُلۡ هُوَ ٱللَّهُ أَحَدٌ
Ахь āла /хIай Мухьаммад‚ цу хьайга Делах лаьцна хоьттучаьрга/: "Иза, АллахI, цхьаъ ву /Шен накъост хиларх, да-нана хиларх, зуда‚ доьзалхо хиларх ц1ени а волуш/,
ٱللَّهُ ٱلصَّمَدُ ﴿2﴾ٱللَّهُ ٱلصَّمَدُ
АллахI ву‚ гуттар Ша /цхьаннах воьзна а воцуш/ волуш верг ву /массарна а Ша оьшуш, Шена хIумма а ца оьшуш волу/.
لَمۡ يَلِدۡ وَلَمۡ يُولَدۡ ﴿3﴾لَمۡ يَلِدۡ وَلَمۡ يُولَدۡ
Бер ца хилла Цуьнан‚ Иза Ша а ца ваьлла /дуьненчу/ дех-ненах.
وَلَمۡ يَكُن لَّهُۥ كُفُوًا أَحَدُۢ ﴿4﴾وَلَمۡ يَكُن لَّهُۥ كُفُوًا أَحَدُۢ
Ца хилла Цуьнца нислуш цхьа а". (Вац Цуьнга тера цхьа а).
قُلۡ أَعُوذُ بِرَبِّ ٱلۡفَلَقِ ﴿1﴾قُلۡ أَعُوذُ بِرَبِّ ٱلۡفَلَقِ
Ахь āла: "Со ларло сатасаран Деца
مِن شَرِّ مَا خَلَقَ ﴿2﴾مِن شَرِّ مَا خَلَقَ
Цо кхоьллинчу массо а вонах‚
وَمِن شَرِّ غَاسِقٍ إِذَا وَقَبَ ﴿3﴾وَمِن شَرِّ غَاسِقٍ إِذَا وَقَبَ
Боданан вонах‚ цо /буьйсана Iалам/ дIахьулдича /гучуйолучу вочу хIуманах а ларло со/‚
وَمِن شَرِّ ٱلنَّفَّـٰثَٰتِ فِي ٱلۡعُقَدِ ﴿4﴾وَمِن شَرِّ ٱلنَّفَّـٰثَٰتِ فِي ٱلۡعُقَدِ
Шеддаш беш цу чу хIуп олучу зударийн2вонах а /ларло со/‚
وَمِن شَرِّ حَاسِدٍ إِذَا حَسَدَ ﴿5﴾وَمِن شَرِّ حَاسِدٍ إِذَا حَسَدَ
ХьагI лелочун вонах а /ларло со/‚ цо хьагI йича.
قُلۡ أَعُوذُ بِرَبِّ ٱلنَّاسِ ﴿1﴾قُلۡ أَعُوذُ بِرَبِّ ٱلنَّاسِ
Ахь āла: "Со ларло нах Кхиош-кхобучуьнца‚
مَلِكِ ٱلنَّاسِ ﴿2﴾مَلِكِ ٱلنَّاسِ
Нехан Паччахьаца‚
إِلَٰهِ ٱلنَّاسِ ﴿3﴾إِلَٰهِ ٱلنَّاسِ
Нехан Делаца
مِن شَرِّ ٱلۡوَسۡوَاسِ ٱلۡخَنَّاسِ ﴿4﴾مِن شَرِّ ٱلۡوَسۡوَاسِ ٱلۡخَنَّاسِ
Васвасалла (дагчу догIу вон мел дерг) кхуьссучу‚ Делан цIе яьккхича, додучу /шайтIанан/ вонах‚
ٱلَّذِي يُوَسۡوِسُ فِي صُدُورِ ٱلنَّاسِ ﴿5﴾ٱلَّذِي يُوَسۡوِسُ فِي صُدُورِ ٱلنَّاسِ
Ша васвасалла кхуьссуш долчу нехан дегнашка‚
مِنَ ٱلۡجِنَّةِ وَٱلنَّاسِ ﴿6﴾مِنَ ٱلۡجِنَّةِ وَٱلنَّاسِ
Жинийх а ду /и шайтIа/‚ нахах а ду".