لَا يَصۡلَىٰهَآ إِلَّا ٱلۡأَشۡقَى ﴿15﴾لَا يَصۡلَىٰهَآ إِلَّا ٱلۡأَشۡقَى
ЧугIур вац цунна уггар декъазаниг бен‚
لَا يَصۡلَىٰهَآ إِلَّا ٱلۡأَشۡقَى ﴿15﴾لَا يَصۡلَىٰهَآ إِلَّا ٱلۡأَشۡقَى
ЧугIур вац цунна уггар декъазаниг бен‚
ٱلَّذِي كَذَّبَ وَتَوَلَّىٰ ﴿16﴾ٱلَّذِي كَذَّبَ وَتَوَلَّىٰ
Ша /дин/ харцдина хилла волу, /цунах/ дIавирзина волу.
وَسَيُجَنَّبُهَا ٱلۡأَتۡقَى ﴿17﴾وَسَيُجَنَّبُهَا ٱلۡأَتۡقَى
Цунах генаваьр ву уггар /Делах/ кхоьруш верг‚
ٱلَّذِي يُؤۡتِي مَالَهُۥ يَتَزَكَّىٰ ﴿18﴾ٱلَّذِي يُؤۡتِي مَالَهُۥ يَتَزَكَّىٰ
Шен бахам ша цIанвалан (закатна, сагIина) д1алуш верг‚
وَمَا لِأَحَدٍ عِندَهُۥ مِن نِّعۡمَةٖ تُجۡزَىٰٓ ﴿19﴾وَمَا لِأَحَدٍ عِندَهُۥ مِن نِّعۡمَةٖ تُجۡزَىٰٓ
Цхьангара шена бекхамна дика ца лоьхуш‚
إِلَّا ٱبۡتِغَآءَ وَجۡهِ رَبِّهِ ٱلۡأَعۡلَىٰ ﴿20﴾إِلَّا ٱبۡتِغَآءَ وَجۡهِ رَبِّهِ ٱلۡأَعۡلَىٰ
Уггар лакхахь волчу ша Кхиош-кхобучун юьхь езар бен.
وَلَسَوۡفَ يَرۡضَىٰ ﴿21﴾وَلَسَوۡفَ يَرۡضَىٰ
Т1аьхьа реза хир ву иза /Дала ялсаманехь шена деллачу ниIматашна/.
وَٱلضُّحَىٰ ﴿1﴾وَٱلضُّحَىٰ
Iуьйренах дуй боу Ас‚
وَٱلَّيۡلِ إِذَا سَجَىٰ ﴿2﴾وَٱلَّيۡلِ إِذَا سَجَىٰ
Буьйсанах дуй боу Ас‚ иза бода бахьаш дIатийча:
مَا وَدَّعَكَ رَبُّكَ وَمَا قَلَىٰ ﴿3﴾مَا وَدَّعَكَ رَبُّكَ وَمَا قَلَىٰ
Хьо д1а ца тесна хьо Кхиош-кхобуш волчо‚ вац Иза хьоь безам байна а.
وَلَلۡأٓخِرَةُ خَيۡرٞ لَّكَ مِنَ ٱلۡأُولَىٰ ﴿4﴾وَلَلۡأٓخِرَةُ خَيۡرٞ لَّكَ مِنَ ٱلۡأُولَىٰ
ТIаьхьарниг (эхарт) тоьлуш ю хьуна хьалхарчул (дуьненал).
وَلَسَوۡفَ يُعۡطِيكَ رَبُّكَ فَتَرۡضَىٰٓ ﴿5﴾وَلَسَوۡفَ يُعۡطِيكَ رَبُّكَ فَتَرۡضَىٰٓ
ТIаьхьа лур ду хьо Кхиош-кхобуш волчо хьуна − хир ву хьо реза.
أَلَمۡ يَجِدۡكَ يَتِيمٗا فَـَٔاوَىٰ ﴿6﴾أَلَمۡ يَجِدۡكَ يَتِيمٗا فَـَٔاوَىٰ
Хьо ца карийра Цуна бобер? Цо хьо тIеийцира.
وَوَجَدَكَ ضَآلّٗا فَهَدَىٰ ﴿7﴾وَوَجَدَكَ ضَآلّٗا فَهَدَىٰ
Хьо карийра Цунна (нийса дин довза) ваьлла лелаш− Цо хьо нийсачу новкъа виллира.
وَوَجَدَكَ عَآئِلٗا فَأَغۡنَىٰ ﴿8﴾وَوَجَدَكَ عَآئِلٗا فَأَغۡنَىٰ
Хьо карийра Цунна къе − Цо хьо хьоле хилийтира.
فَأَمَّا ٱلۡيَتِيمَ فَلَا تَقۡهَرۡ ﴿9﴾فَأَمَّا ٱلۡيَتِيمَ فَلَا تَقۡهَرۡ
Ахь ма белахь боберана ницкъ‚
وَأَمَّا ٱلسَّآئِلَ فَلَا تَنۡهَرۡ ﴿10﴾وَأَمَّا ٱلسَّآئِلَ فَلَا تَنۡهَرۡ
Ахь ма тохалахь /сагIа/ дуьйхург духа.
وَأَمَّا بِنِعۡمَةِ رَبِّكَ فَحَدِّثۡ ﴿11﴾وَأَمَّا بِنِعۡمَةِ رَبِّكَ فَحَدِّثۡ
Ахь хьехаделахь хьан Кхиош-кхобучун ниIмат.
أَلَمۡ نَشۡرَحۡ لَكَ صَدۡرَكَ ﴿1﴾أَلَمۡ نَشۡرَحۡ لَكَ صَدۡرَكَ
Оха д1а ца деллира /пайхамаралла даларца/ хьан дог /хIай Мухьаммад/?
وَوَضَعۡنَا عَنكَ وِزۡرَكَ ﴿2﴾وَوَضَعۡنَا عَنكَ وِزۡرَكَ
ДIабаьккхира хьуна тIера мохь‚
ٱلَّذِيٓ أَنقَضَ ظَهۡرَكَ ﴿3﴾ٱلَّذِيٓ أَنقَضَ ظَهۡرَكَ
Хьан букъ ша гIелбина болу.
وَرَفَعۡنَا لَكَ ذِكۡرَكَ ﴿4﴾وَرَفَعۡنَا لَكَ ذِكۡرَكَ
Оха даз ма дира хьо хьехавар.
فَإِنَّ مَعَ ٱلۡعُسۡرِ يُسۡرًا ﴿5﴾فَإِنَّ مَعَ ٱلۡعُسۡرِ يُسۡرًا
Баккъалла а, халонца атталла хир ма ду.
إِنَّ مَعَ ٱلۡعُسۡرِ يُسۡرٗا ﴿6﴾إِنَّ مَعَ ٱلۡعُسۡرِ يُسۡرٗا
Баккъалла а, халонца атталла хир ма ду.
فَإِذَا فَرَغۡتَ فَٱنصَبۡ ﴿7﴾فَإِذَا فَرَغۡتَ فَٱنصَبۡ
Хьуо паргIат ваьлча /ламаз дина/, къахьега /доIанаш дарца‚ я дуьненан рицкъ лахарца/.
وَإِلَىٰ رَبِّكَ فَٱرۡغَب ﴿8﴾وَإِلَىٰ رَبِّكَ فَٱرۡغَب
Хьо Кхиош-кхобуш волчуьнга хьастало (Цуьнгахь долчунна тIегIерта).